Тахана оха шуна йовзуьйту Нохчийн региональни общественни организацин сайт. Тхан организацин цIе «Нохчийчоьнан сатийсар» ю, оьрсийн маттахь аьлча – «Надежда Чечни». Май баттахь шийтта шо кхочу организаци кхоьллина. Оха дуккха а тайп-тайпана белхаш бо, амма царна юкъахь тхуна уггар мехала хеташ дерг – серладаккхаран (просветительски) белхаш бу. ХIокху сайта тIехь яздинарг дIадешча шуна бевзар бу оха бина белхаш а, кхидIа дан леринарг а. Иштта евзар ю шуна тхан коллектив а, цо баьхна кхиамаш а. ДIадаханчу шерашкахь дуккха а зеделларг гулдина оха, белхан корматалла кара а ерзийна.